Нохчи Безам Картинки
Нохчийн мотт ца хилча, вайн къоман г1иллакхаш, синъоьздангалла, цуьнан шатайпаналла, культурин башхаллаш 1алашъялур яц. Нохчийн мотт вайх х1ораннан ненан мотт хиларе терра, аганахь дуьйна, вайн ц1ийх д1аийна. Ненан маттехула кхоллалуш бу Даймахке, халкъе болу безам.Кадыров Рамзан: Нохчийн мотт ца хилча, къоман г1иллакхаш, культурин башхаллаш 1алашъялур яц
Дуьненахь гIарабевллачу яздархоша а, Iилманчаша а хестийна нохчийн мотт. Ненан мотт, цуьнан хазалла йийца атта дац. ХIора а халкъо шен-шен мотт буьйцу.
Даггара декъалдо шу Нохчийн меттан денца! Шен ненан мотт цабезачунна, цуьнца ховха юкъаметтиг йоцучунна, иза Iалашбеш воцучунна шен Даймохк безийла дац. Дуьненахь уггаре а хьалдолуш а, хаза а, исбаьхьа а бу нохчийн мотт. Оцу маттехь дерриге а ду — нохчийн къоман башхалла, истори, культура, гIиллакх-оьздангалла, Iадаташ.
Тахана тIетоьхначу дешаран республикански берийн жималлин технически кхоллараллин центрехь дIадаьхьира «Бекалахь, ненан мотт» цIе йолу нохчийн меттан денна лерина цхьаьнакхетар. Цигахь дакъалецира центран юкъайогIучу кружокийн кхиархоша. Цара хьовсархошна гайтаме ехкинера шаьш дезачу денна лерина кечйина йолу байташ, хелхарш, иллеш, ткъа иштта гайтира шайн куьгийн корматалла а, нохчийн халкъан хазна — бIаьвнаш а йинера, цхьаьнакхетаран тематикица догIуш долу суьрташ дехкинера. Цхьаьнакхетар, массо а декъашхойн самукъа а доккхуш, дIадаьхьира, дерзош дакъалацархошна баркаллин кехаташ делира. Оцу тайпана цо гайтира меттан дозалла а, цуьнан сийдан дезар а.